Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Марка
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Ас шуна ницкъ белла, кхерам боцуш, шайтІанашна тІе, лаьхьанашна а, дІаьвше гезгашна а санна, ког баккха, шайн мостагІчун ницкъ хьаша. Шуна зене цхьа а хІума дац. Кипа махкахула ваьлла лелаш вара. Ша воьдучу новкъахь Лодди-юьртара беза нах болчу вахар сацийра цо. БархІ шарахь меттахь Іиллина волу Енай цІе йолуш цхьа стаг карийра цунна цигахь. Кипас элира цуьнга: «Енай! Дала леррина къобалвинчу Іийсас тово хьо. Хьала а гІаттий, хьайн мотт дІабаккха». Енай цу сохьта хьалагІаьттира. Лодди-юьртара а, Шарон-арара а нахана иза туовелла гича, уьш Везачу Элана тІебирзира. ПахІала цхьа цІов чІийш гулдира. Цо уьш цІерга кхиссича, йовхонах бедда лаьхьа, цунна це а тоьхна, куьйгах хьаьрчира. ПахІалан куьйгах кхозу и лаьхьа гича, цигарчу наха вовшашка элира: «Цу стага, билггала, цхьаъ вийна. ХІорда чохь иза ца веллехь а, хІинца Делан кхелаца дийна вуьсур вац иза». Амма ПахІална цхьа а тайпа лазош хІума ца хааделира, цо лаьхьа цІерга ластийра. Царна моьттура, я цуьнан куьг дестар ду, я иза цІеххьана велла охьавужур ву. Уьш бехха Іийра цуьнга хьоьжуш, амма ПахІална хІумма а ца хилира. ТІаккха шайн ойла хийцира цара, иза цхьа Дела ву аьлла. Палабин да, дагар а деана, гай а лозуш, меттахь Іуьллуш вара. Цуьнга хьажа ваханчу ПахІала, доІа а дина, цомгушниг товира, тІе куьйгаш а дехкина. И хиллачул тІаьхьа гІайре тІера бисина болу цомгуш нах а богІура. Царна а дарба дора ПахІала. Шух цхьаъ цомгуш велахь, цо Іийсах тешачийн тобанан куьйгалхой кхайкха беза. Цара доІа дан деза цунна тІехь, Везачу Элан дуьхьа цомгушчунна деза даьтта а хьокхуш. Тешаран доІано цомгушниг товийр ву, Везачу Эло иза когаш тІе хІоттор ву. Нагахь цо къинош летийнехь, цунна гечдийр ду.
От Марка
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода