Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
«Ярушалайм эскарша го бина гича, хаалаш, и йохо хан гергакхаьчна хилар. ТІаккха ЯхІуд-махкахь берш лаьмнашка бовда беза, гІалахь берш цу чуьра арабовла беза, гІалина арахь берш чу ца богІуш совца беза, хІунда аьлча уьш „таІзаран денош“ хир ду, Делан Йозанашкахь мел яздинарг кхочушхилийтархьама. Боккхачу баланехь хир бу цу дийнахь доьзалхочух болу а, бераш дакхош болу а зударий. Инзаре боккха бала буссур бу кху лаьтта тІе, Дела оьгІазгІур ву кху халкъана. Дукха адам туьро хьокхур ду, массо а мехкашка йийсаре дуьгур ду. Ярушалайм кхечу къаьмнех болчара хьаьшна латтор ю, шайн хан дІаяллалц».
Выбор основного перевода