Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
И дерриг а гайтина дара шуна, Веза Эла Дела вуйла шуна дІахаийтархьама. И воцург, кхин цхьа а Дела вац. ЛадогІа, Исраилан халкъ: вайн Веза Дела – цхьа Веза Эла ву. Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца а, берриге а ницкъаца а веза. Амма леррина кхочушдан хьовсалаш Везачу Элан ялхочо Мусас шайна делла весеташ а, товрат-хьехам а: Веза Эла, шайн Дела, везар а, Цуьнан некъашкахула лелар а, Цуьнан парзаш Іалашдар а, Цунах хоттадалар а, дерриг а шайн дагаца а, синца а Цунна гІуллакх дар а». Вукхо жоп делира: «„Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца, дерриг а хьекъалца веза“, „Хьайн уллораниг хьо санна веза“». ХІара ду Ас шуна тІедуьллург: „Дезийла шуна вовшийн, Суна шу дезадаларе терра“.
Выбор основного перевода