Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Везачу Элан са а ду суна чохь, Цуьнан дош а ду сан метта тІехь. Даудан назма. Везачу Эло элира хьалдолчу эле: «Суна аьтту агІор охьахаа, Аса Хьан мостагІий хьан когашка охьабахккалц». Дауд стигала хьалаваьлла вацара, амма цо элира: „Вайн Везачу Эло аьлла Хьалдолчу Эле: ‘Суна аьтту агІор охьахаа, Аса Хьан мостагІий Хьан когашка охьабахккалц’, – аьлла“. ХІунда аьлча Цо паччахьалла дан дезар ду, Дала леррина Къобалвинчун массо а мостагІий Дала Цуьнан когашка охьабахккалц. Маликех хьаьнга а, маца а аьлла Дала: «Охьахаа Суна аьтту агІор, Аса Хьан мостагІий Хьан когашка охьабахккалц»?
Выбор основного перевода