Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца а, берриге а ницкъаца а веза. Амма леррина кхочушдан хьовсалаш Везачу Элан ялхочо Мусас шайна делла весеташ а, товрат-хьехам а: Веза Эла, шайн Дела, везар а, Цуьнан некъашкахула лелар а, Цуьнан парзаш Іалашдар а, Цунах хоттадалар а, дерриг а шайн дагаца а, синца а Цунна гІуллакх дар а». Шамъала цунна жоп делира: «Ахьа доккхуш долу сагІа а, дагош долу бежанаш а деза хета те Везачу Элана, хьо Ша бохург а деш дІахІоттарал? Цуьнга ладугІуш хилар сагІа даккхарал а деза ду, ткъа Цунна муьтІахь хилар уьстагІан махьаран даьттанал а дезах ду, Шу тешаме хилар деза ду Суна, аша Сан дуьхьа дохучу сагІанел. Шуна Дела вовзийла лаьа Суна, Сан дуьхьа дийнаташ дагоран сагІанел. «Стенца дІахІотта веза со Везачу Элана, стигалан Далла, хьалха, со Цунна Іамал ян веача? Шаре девлла эсий а далош, дийнаташ дагоран сагІанца дІахІотта те со Цунна хьалха? Амма эзарнашкахь кой дайарх я барам боцуш дукха татолашкахь зайтдаьтта Іенадарх там балур буй те Везачу Элана? Сайн дуьххьарлера доьзалхо лой те ас Цунна сайгара даьллачу зуламна тІера, сайн кийрара схьабаьлла стом лой те ас Цунна сайн синан къиношна тІера?» Ва адам! ДІахаийтина-кх хьоьга диканиг хІун ду а, Везачу Эло хьоьга хоттун дерг хІун ду а. Иза ду – нийсонца лелар, тешаме хилар дезар, шен кІезигалла а хууш, хьайн Делаца лелар. Іийсас жоп делира цуьнга: «Царах коьртаниг хІара ду: „ЛадогІа, Исраилан халкъ! Вайн Веза Дела – цхьа Веза Эла ву! Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца а, дерриг а хьекъалца а, берриге а ницкъаца а веза“, И ду коьрта гІуллакх! ШолгІаниг а иштта ду: „Хьайн уллораниг хьо санна веза“. Царал коьртанаш цхьа а дац».
Выбор основного перевода