Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Ахьа Мисар-махкара кемсийн таьлланг схьаеара, халкъаш дІа а лаьхкина, и таьлланг дІаюьйгІира Ахьа. Сан кемсийн беш соьгахь сайгахь ю. Эзар ахча хьуна ду, Сулим, ткъа ши бІе – беш лелочарна. Сайн Хьомсарчунна илли эр ду аса, Хьомсарчун кемсийн бешах долу илли. Сан Хьомсарчун кемсийн беш яра хьийкъинчу лам тІехь. Бешара латта а аьхкина, тІулгаш дІа а даьхна, тоьлла йолу кемсийн таьллангаш юьйгІира Цо цига. Цул тІаьхьа беша юккъехь бІов а йира, муттдоккхург ян цунна чохь ор а даьккхира. Бешо дика кемсаш яларе хьоьжуш Іийра Иза, амма цо муьста кемсаш бен ца елира. Ткъа хІинца оцу кемсийн бешан Олахочо боху: «Ярушалайман бахархой а, ЯхІуд-мехкан адамаш а, Суна а, Сан кемсийн бешана а юкъахь долу гІуллакх къастадейша. Айса динчул сов Аса Сайн кемсийн бешана дан дисинарг кхин хІун дара? Со дикачу кемсашка сатуьйсуш Іаш хилча, муьста кемсаш хІунда елла цо? Аса эр ду шуьга Сайн кемсийн бешана Айса ден дерг: цуьнан коканийн керт дІайоккхур ю Аса, тІаккха беш бежанаша яссор ю. Цуьнан пенаш дохор ду аса, тІаккха иза массара а хьоьшур ю. Бешах дассийна латта дийр ду Аса, гаьннаш а хедор дац, охкур а яц, тІаккха цу тІехь коканан а, эртхан а коьллаш евр ю. Мархашна омра дийр ду Аса, беша тІе догІа ма даийта аьлла». Берриге а ницкъийн Везачу Элан кемсийн беш – иза Исраилан халкъ ду, ЯхІудан халкъан адамаш Цунна хазахетта йолу таьллангаш ю. Иза нийсо хиларе хьийжира, амма ницкъ бар хилира, бакъдолчуьнга хьийжира, амма бакъонаш йохор хилира. Юха а бирзина, цуьнан ІиндагІехь Іийр бу уьш. КІа санна, денлур бу уьш, кемсийн таьлланг санна, хьалакхуьур бу, Ливанунан чагІаран санна, церан хьожа хир ю. Іийсан мурдаша, Цунна тІе а баьхкина, хаьттира: «Хьекъале дустарш далош хІунда дуьйцу Ахьа нахе?» Іийсас цаьрга элира: «Шуна делла ду Стигалийн Олаллин къайленаш йовзар, ткъа царна уьш йовзар ца делла. ХІунда аьлча долчунна кхин а тІелур ду, цуьнан дерг кхин а стамлур ду. Ткъа доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дІадоккхур ду. Цундела дуьйцу Аса царна хьекъале дустарш. Уьш хьоьжуш боллушехь, царна хІумма а ца го дела а, ладугІуш боллушехь, хІумма а ца хеза я дуьйцучух ца кхета дела а. Царна тІехь Ешаъ-ЯхІу-пайхамарехула Делера болу хаам кхочушхуьлу: „Аша ладугІур ду, амма шу цунах кхетар дац, хьоьжур ду шу, амма маьІна къастор дац аша. Цу нехан дегнаш шагделла, церан лергаш къорделла, церан бІаьргаш дІахьаббина бу. Цара иза ца леладахьара, церан бІаьргашна са а гур дара, церан лергашна хезар а дара, церан дог кІеда а хир дара, уьш шайна гІо дайта Суна тІе а богІур бара, Аса уьш то а бийр бара!“
Выбор основного перевода