Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
«КІанта ден сий до, иштта лено а шен олахочун сий до. Нагахь санна Со шун да велахь, мичахь ду Суна догІу сийдар? Нагахь санна Со шун олахо велахь, мичахь бу Суна богІу ларам? – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Ва динан дай, шу Сан цІе емалйийраш ма ду! Аша боху: „Оха муха емалйо Хьан цІе?“ Амма кхузара Іедалехь болу нах оьгІаз ца бахийта, ваха а гІой, чІерий лоцу мІара хи чу а кхоссий, уггар хьалха айхьа схьалаьцна болчу чІеран бага хьажа. Цигахь хьуна къастийна ахча карор ду. Иза схьа а эций, хьайна а, Суна а тІера ял дІало». Массо а лара, вежарий а беза, Делах а кхера, паччахьан сий а де. ХІоранна а хьакъ дерриг дІало: ял яла езачунна – ял, ясакх яла езачунна – ясакх, кхера везачух – кхера, лара везарг – лара.
Выбор основного перевода