Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
ТІаккха ЯхІуда элира Онане: «Хьайн вешех йисинчуьнца дІа а вижна, марвешин декхар кхочушдан деза ахь вешин тІаьхье хилийта». «Нагахь санна цхьаьна Іаш болчу вежарех кІант воцу цхьа ваша дІакхалхахь, веллачун зуда гергара воцучу кхечуьнга маре яха ца еза. Цуьнан марвашас иза шена яло а еза, цуьнца ваха а веза, марвешин декхар кхочушдархьама. Цо вен волу дуьххьарлера доьзалхо цуьнан веллачу вешин санна лорур ву, Исраилан халкъана юкъахь цуьнан тІаьхье йиц ца ялийтархьама. Амма НуІмата цаьрга элира: «Юхаерза, сан ши йоІ! ХІун дийр ду аш шиммо соьца еана? Хир буй-те шуна кхин а сан кийрара бевлла кІентий, шуна майранаш хила? Юхаерза, дІагІо, сан ши йоІ! Со къанъелла хІинца маре яха. Нагахь санна хилча а сан тешам, ас тховссехь майрачуьнца а Іийна, кІентий бича а,
Выбор основного перевода