Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Везачу Элан Малик дуьхьалхІоьттира цунна йогучу коканан кулла юккъехь. Коканан куллах цІе леттера. ЦІе леттехь а, йогуш яцара и колл. ЯхІудан а, Ярушалайман а бахархой грекахошна дІабухкура аша, церан дозанашкара уьш генна бахархьама. Малх а, бутт а кхоьлина бу. Седарчийн лепар а дІадайна ду. Къевкъар ву Веза Эла Цийон-ломара, Ярушалаймера а Шен аз схьахозуьйтур ду Цо. Стигал а, латта а дегор ду. Амма Шен халкъана чІагІо хилла дІахІуттур ву Веза Эла, Исраилан халкъана гІап санна хир ву Иза. Кхин цхьаъ эр ду Аса шуьга: дукхахболчара малхбалерий, малхбузерий схьа а баьхкина, цу тойнехь Стигалийн Олаллехь ИбрахІимний, Исхьакхний, Якъубний уллохь меттиг дІалоцур ю. Эххар а сагІадоьхург велла. Маликаша ИбрахІимна юххе, баьрччехь йолчу метте, дІаваьхьна иза. Хьолахо а велла, иза дІавоьллина.
Выбор основного перевода