Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
И дерриг а гайтина дара шуна, Веза Эла Дела вуйла шуна дІахаийтархьама. И воцург, кхин цхьа а Дела вац. ДІа а хаа, шайн даг чохь а латтаде, Веза Эла лакхахь стигалахь а, лахахь лаьтта тІехь а Дела вуйла а, И воцург, кхин цхьа а дела воцийла а. ЛадогІа, Исраилан халкъ: вайн Веза Дела – цхьа Веза Эла ву. Ас иза дийр ду, массо а нахана массанхьа а, малх хьалагІоттучу меттера иза дІабузучу метте кхаччалц, Со воцург кхин дела воцийла хаийтархьама. Со Веза Эла ву, ткъа Со воцург, кхин дела вац. Везачу Эло иштта боху: «Мисархоша йина хІуманаш а, хушахойн йохкаэцар а, лекха нах болу себахой а, шун дола а бевлла, шун хир бу. Уьш шуна тІаьххье дІабогІур бу, шайна тІехь буржалш а долуш. Шуна хьалха охьа а таьІна, цара дехарца бохур ду: „Дела шуьца билггал ву, Иза воцург, кхин дела вац“». Дагадаийта дуккха а зама хьалха хилларг. Со Дела ву, Со воцург, кхин дела вац, Со Дела ву, Со санна, кхин цхьа а вац. И хезча, цхьаболчу Іеламчу наха элира: «Дика жоп делира Ахь, Устаз!» – аьлла.
Выбор основного перевода