Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цигахь парушхой, тІе а баьхкина, Іийсаца къийса буьйлабелира. Стигалара тамашийна билгало гайта аьлла дехар дира цара Іийсага, Иза зерхьама. Юха, хьалха а ваьлла, цхьана Іеламчу стага Іийсага хаттар дира, Иза зерхьама. «Устаз, – хаьттира цо, – ас хІун дан деза, Дела волчохь хедар доцу дахар сан хилийтархьама?» «Товрат тІехь хІун ду яздина? – дуьхьал хаьттира Іийсас а. – Хьо муха кхета цунах?» Вукхо жоп делира: «„Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца, дерриг а хьекъалца веза“, „Хьайн уллораниг хьо санна веза“». «Нийса жоп делира ахь, – элира цуьнга Іийсас, – иштта дан а де ахь, тІаккха хьо Дела волчохь вехар ву». И хезча, цхьаболчу Іеламчу наха элира: «Дика жоп делира Ахь, Устаз!» – аьлла.
Выбор основного перевода