Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Яхьъяс бахкийтина нах дІабахча, Іийса адамийн тобанна Яхьъях лаьцна дийца волавелира: «Шу яьссачу аренга стенга хьовса даханера? Мохо лесточу эрзе хьовса-м ца даханера шу? ХІан-хІа. Ткъа стенга хьажа даханера? Хаза хІума тІеюьйхинчу стаге хьажа дахнера? ХІан-хІа. Исбаьхьа бедарш юьйхина а, дезачу хьолахь болу а нах паччахьан гІаланаш чохь Іаш бу. Ткъа хьаьнга хьовса дахнера шу? Пайхамаре хьовса дахнера? ХІаъ, боху Аса шуьга. Яхьъя вукху пайхамарел лакхара ву. Цунах лаьцна Делан Йозанаш тІехь яздина ду: „Хьажал! Ас Хьуна хьалха Сайн геланча воуьйту. Цо Хьуна некъ кечбийр бу!“ Ас боху шуьга: кху дуьнен тІе бевллачарна юкъахь Яхьъял лакхара стаг вац. Амма Делан Олалла тІелаьцначарна юкъахь уггаре а лахарниг а цул лакхара ву. Яхьъяга ладугІуш хилла болчу наха, ял йоккхуш болчара а тІехь, Делан лаам тІе а лаьцна, Иза къобал а вина, Яхьъяга шаьш хих чекхбахийтира. Амма парушхошна а, Іеламчу нахана а, Делан лаам тІе а ца лаьцна, Яхьъяга шаьш хих бахийта ца лиира. Хьаьнца буста мегар бу таханлера нах? Хьанах тера бу уьш? Уьш базаран майданахь ловзучу берех тера бу. Цара боху вовшашка: „Оха шун дуьхьа шедаг лекхира, ткъа шу халха а ца девлира! Оха шуна гІийла эшарш лекхира, ткъа шу гІайгІане а ца хилира!“ Хих нах чекхбоху Яхьъя веара. Цо бепиг ца дуура, чагІар ца молура. Аш цунах лаьцна олура: „Иза жинаша хьийзош волу стаг ву“. Цул тІаьхьа Адамийн КІант веара. Цо яа а йоура, мала а молура. Аш Цунах: „Хьовсал цу адаме! И юуш ву, молуш ву, ял йоккхучийн а, къинош летийначийн а доттагІа ву“, – олура. Амма Делера долу хьекъал бакъдо и схьаэцначу берриг а наха». Цкъа хІинццалц суна а билггала ца вевзара Иза, амма со нах хих чекхбаха ваийтинчу Дала элира соьга: „Делан Са а доьссина, Иза Шена тІехь дуьсуш гун верг хир ву хьуна цу Делан Синах адамаш дузон верг“.
Выбор основного перевода