Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Хьан денош чекх а девлла, хьо хьан дай болчу дІакхелхинчул тІаьхьа, Аса хьан тІаьхьенах цхьаъ паччахь вина дІахІоттор ву, цуьнан паччахьалла чІагІ а дийр ду. Хьан цІа а, паччахьалла а Суна хьалха даим хир ду, хьан паччахьан гІант ерриге а хенахь лаьттар ду!’“» «Стигалийн Олалла генахь дац шуна! Дохко а довлий, Далла тІедерза!» – бохура Цо. Иза сийлахь хир ву, Цунах Веза Воккхачун КІант эр ду. Везачу Дала Цунна Цуьнан ден Даудан паччахьалла лур ду, гуттар а ерриг Якъубан тІаьхьенна тІехь куьйгалла деш хир ву Иза, Цуьнан паччахьалла цкъа а кхачор дац». Вежарий, аса билггала бакъдерг дІахоуьйту шуна: вайн тайпанан да Дауд вала а велла, дІа а воьллина. Цуьнан каш таханлерчу дийне кхаччалц лаьтташ а ду.
Выбор основного перевода