Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Везачу Эло суна дуьхьал сурт хІоттийра, Шен цІенна хьалха лаьтташ долу инжираш чохь йолу ши тускар а гойтуш. (Иза дара бавелхойн паччахь волчу Набухди-Нецара яхІудхойн паччахьан ЯхІу-Якхаман кІант Яхун-ЯхІу яхІудхойн тхьамданашца а, аьчка а, дечиган а пхьерашца а Ярушалайм-гІалара Бавел-махка йийсаре вигначул тІаьхьа.) Цхьана тускар чохь яра хьалххе хуьлуш ерш санна йолу дика инжираш, ткъа вукху тускар чохь яа ца маггал телхина вон инжираш яра. ТІаккха Везачу Эло соьга хаьттира: «ХІун го хьуна, Ярми-ЯхІу?» Аса жоп делира: «Суна инжираш го. Дика инжираш чІогІа дика ю, ткъа вон инжираш яа а мегарг ца хиллал телхина ю». ТІаккха соьга Везачу Элан дош кхечира: «Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: „ХІара дика инжираш санна, мостагІаша кхузара дІадигна долу а, Айса хашадхойн махка дІадаийтина долу а ЯхІудан халкъ дика хетар ду Суна. Церан диканна Аса церан терго йийр ю, уьш хІокху махка юха а балор бу. Аса уьш юхаметта а хІиттор бу, бохор а бац. Аса уьш дІабугІур а бу, орамашца схьабохур а бац. «Ва Ярушалайм! Пайхамарш бойу ахь, хьайна тІебахкийтиначарна тІулгаш детта ахь. Мел чІогІа лиънера-кх Суна хьан бераш гулдан, олхазаро шен кІорнеш тІома кІел гул ма-ярра, амма хьуна ца лии иза. ХІинца билггала шун ЦІа Дала дІатесна ду. Ас боху шуьга, шуна Со гур вац, цхьа хан а еана, аш аллалц: „Декъала ву Везачу Элан цІарах вогІуш верг!“» Іуьйранна, комарийн диттана уллохула чекхбовлуш, царна иза орамаш тІера дуьйна дакъаделла гира.
Выбор основного перевода