Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Дуьненан паччахьаш цхьаьнакхеташ бу, лаьттан куьйгалхой вовшех дагабуьйлуш бу, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цо къобалвинчунна новкъарло йо цара. Іийса и дешнаш аьлла ваьлча, адамаш Цуьнан хьекъалх чІогІа цецдевллера, Шайна Цо дуьйцург хезча, динан коьрта дай а, парушхой а кхийтира, Цо дуьйцурш шаьш дуйла. Иза схьалаца дагадеара царна, амма Іийса пайхамар лоруш болчу нахах уьш и дан ца хІуьттура. Нах цецбуьйлура Цуьнан хьехамех, хІунда аьлча Іеламчу наха санна а доцуш, олалла долчо санна хьоьхура Іийсас. Ши де даьлча тІедан дезаш дара «Пасахь» олу совсазчу баьпкан деза де. ХІилланца схьа а лаьцна, Іийса вен аьтто лоьхуш бара динан коьрта дай а, Іелам нах а. Массо а, цецволий, Цо дечу къамеле ладоьгІуш Іара, хІунда аьлча шатайпа ницкъ болуш дара Цуьнан къамел. И дийцар шайна дуьхьал далийна дуй кхетта, цу сохьта Іийса лаца аьтто лоьхура динан дайша а, Іеламчу наха а. Амма уьш нахах кхоьрура. Динан коьрта дай а, Іелам нах а аьтто лоьхуш бара Іийса хІаллакван, амма уьш халкъах кхоьрура.
Выбор основного перевода