Цу хенахь дуьйна Іийсас Шен мурдашка дуьйцуш хилла Ша Ярушалайме ваха везарх а, цигахь Шен баккхийчеран а, динан коьртачу дайн а, Іеламчу нехан а карах бала хьега безарх а лаьцна. Цо иштта дуьйцура Ша вийна хила везарх а, амма кхозлагІчу дийнахь веллачуьра денвала везарх а лаьцна.
Царах терра динан коьртачу дайша а, Іеламчу наха а, къаноша а, Цунах бийла а буьйлуш, вовшашка бохура:
Цул тІаьхьа царна хьехамаш бан волавелира Іийса. Цо дийцира Адамийн КІентан дукха баланаш лан дезарх лаьцна а, баккхийчара а, динан коьртачу дайша а, Іеламчу наха а тІе ца лаьцна хила дезарх а, Иза вен везарх а, амма кхозлагІчу дийнахь денвала везарх а.
Оцу сохьта, Іийсас и оллушехь, тІевеара ЯхІуд, шийттаннах цхьаъ. Цунна тІаьхьахІоьттина адамийн тоба яра, карахь таррашший, хьокхий а долуш. Уьш хьовсийнера динан коьртачу дайша а, Іелам наха а, баккхийчара а.
Іийса динан коьрта да волчу цІа валийра. Цигахь массо а динан коьрта дай а, баккхийнаш а, Іелам нах а гулбеллера.
Сатосучу хенахь, Іуьйре тІеярца, динан коьртачу дайша а, Іелам наха а, ерриге а коьртачу кхеташонехь мел болчара а гулам бира. Оцу гуламо, сацам а бина, Іийса дІа а вихкина, Пулате дІавелира.
Цо элира: «Адамийн КІантах иштта хила дезар ду: Цуьнан дукха баланаш лан дезар, баккхийчара а, динан коьртачу дайша а, Іеламчу наха Иза тІе ца лаьцна хила а дезар ду, Иза вийна хила а везар ву, амма кхозлагІчу дийнахь Дала Иза веллачуьра денван а везар ву».
Іуьйранна хьалххе шайн кхеташоне гулбелира баккхий нах. Царна юкъахь бара динан коьрта дай а, Іелам нах а. Уьш болчу валийра Іийса.