Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цо элира: «Шун Делах тешар кІезиг долу дела. Аса баккъал боху шуьга: нагахь санна шун Делах тешар жимачу буьрттигал а белахьара, и лаьтташ болчу цу ломе аша „ДІахила“ аьлча, иза дІахуьлур бара. Шуьга да ца луш цхьа а хІума хир дацара». Іийсас цаьрга жоп делира: «Аса баккъалла а боху: шун, шеко а йоцуш, чІогІа тешар делахь, шуьга хІокху комаран диттана хилларг дан ницкъ кхаьчна а ца Іаш, аша и лаьтташ болчу ломе: „Хьала а балий, хІордана чу кхоссало“, – алахь, иза а кхочуш хир ду. Іийсас элира: «Нагахь санна шун тешам жимачу буьрттигал а белахьара, аш оцу комарийн дитте ала тарлора: „Орамашца схьа а далий, хІорда чу догІало!“ Цо аш бохург дийр дара. Нагахь санна Делера болу хаамаш баран похІма сан делахь а, ерриге а къайленаш суна евзаш елахь а, мел болу кхетам сан белахь а, лаьмнаш а меттахдаххал тешар сан делахь а, амма сан безам бацахь, со хІумма а вац.
Выбор основного перевода