Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Орамашна тІехула диг хьалаайина ду: хІора шена тІе пайден болу стом ца латтош долу дитт, хада а дой, цІера юккъе кхуссу». Іийсас цхьа хьекъале хІума дийцира царна: «Цхьана стеган кемсийн бешахь дІадийна инжиран дитт хилла. Цкъа, ван а веана, оцу дитта тІехь стоьмаш бу бац хьаьжча, уьш ца карийна цунна. ТІаккха кемсаш лелош волчу шен белхалочуьнга аьлла цо: „КхозлагІа шо ду со кху дитте хьоьжу, амма стоьмаш ца латийна кху тІе. Охьа а тохий, дІадаккха хІара, кхуьнга эрна меттиг дІа а ца лоцуьйтуш“, – аьлла. Амма белхалочо жоп делла цуьнга: „ХІусамда! Кхин цхьана шарахь а дитахьа хІара. Ас, го а аьхкина, кхелли а йиллина, болх бийр бара. ХІун хаьа, юха шарахь стоьмаш лато а ма мега кху тІе? Ткъа ца латадахь, и дитт дІадоккхуьйтур ду ахь“, – аьлла».
Выбор основного перевода