Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Велха а воьлхуш, Дауд зайт-диттан лам тІе хьалаволуш вара. Цуьнан коьрта тІе тиллина хІума яра, ткъа когаш берзина бара. Цуьнца хилларш а, шайн коьрта хІума а тиллина, боьлхуш дІаоьхуш бара. Цу дийнахь Цуьнан когаш Ярушалайм-гІалина хьалха малхбалехьа лаьттачу зайт-диттийн лам тІехь дІахІуьттур бу. И лам шина декъе бекъалур бу малхбалера малхбузехьа йолчу шуьйрачу тогІица. Ах лам къилбаседехьа дІабер бу, ткъа важа ах къилбехьа дІабер бу. Цигара дІа а ваьлла, Іийса Бет-ХІине вахара. Буьйса цигахь яьккхира Цо. Іийса Зайт-диттийн лам тІехь хиъна Іачу хенахь, Цуьнан мурдаш Цунна тІебаьхкира. Уьш Іийсаца шаьш бисча, цара хаьттира: «Алахьара Ахьа, иза маца хир ду? Хьо схьаваран а, дуьненан тІаьхьарчу заманан а билгало муха хир ю?» ТІаккха Далла хастаман назманаш а аьлла, Зайт-диттийн лам тІе бахара уьш. Ткъа Іийса Зайт-диттийн лам тІе вахара. Цул тІаьхьа векалш, Зайт-диттийн лам тІера чу а биссина, Ярушалайме баьхкира. И лам Ярушалаймана уллохь бара, садоІучу шоьтан дийнахь бан магийначу некъан барамехь хиллал.
Выбор основного перевода