Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
«Деле диэха – Цо дехнарг лур ду шуна. Дела лаха – Иза карор ву шуна, неІ тоха, иза дІайоьллур ю шуна, ТІаккха аша Сан цІарах деххнарг Ас кхочушдийр ду, Ден сийлалла Цуьнан КІантехула гучуяккхархьама. Ткъа аша хІуъа а Сан цІарах дехахь, Ас кхочушдийр ду иза». Нагахь шу Соьца а хилахь, Сан дешнаш шуьца а хилахь, шайна луъург дерриге а деха, иза хир ду шуна. ТІаккха цу дийнахь хІумма а хоттур дац аша Соьга. Баккъалла боху Ас шуьга: нагахь Сан цІарах цхьа хІума аша Дега дехахь, лур ду Цо шуна. ХІинццалц хІумма а ца дехнера аша Сан цІарах. Ткъа хІинца деха, лур ду шуна, шун хазахетар дуьззина хилийтархьама». Амма шуна юкъахь цхьанна хьекъалалла ца тоахь, цо иза Деле деха деза. Ша луш дерг атта а, бехкаш ца дохуш а луш волчу Цо иза массарна а лур ду. Амма иза тешарца а, шеко йоцуш а деха деза, хІунда аьлча шеко йолуш верг мохо ловзочу тулгІенах тера ву.
Выбор основного перевода