Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Луки
Параллельные места
массаьрга а, Да лоручу тайпана, КІант а ларийтархьама. ХІунда аьлча КІант ца лоручо Иза ваийтина волу Да а ца лору. Шуна хезира-кх Ас шуьга аьлларг: „Со дІавоьду, юха а вогІур ву Со шу долчу“. Со шайна везахьара, хазахетар дара шуна Со Дена тІевоьдуш хилар, Сан Да Сол лакхара волу дела. Амма Аса шайга и дІахаийтарна, шун дегнаш гІайгІанах дуьзна ду. Иштта шу а хІинца гІайгІане ду, амма Суна юха гур ду шу, тІаккха хазахетар хир ду шун дегнашна. И шун хазахетар цхьаммо а дІадоккхур дац шуьгара. Цул тІаьхьа векалш, Зайт-диттийн лам тІера чу а биссина, Ярушалайме баьхкира. И лам Ярушалаймана уллохь бара, садоІучу шоьтан дийнахь бан магийначу некъан барамехь хиллал.
Выбор основного перевода