Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Луки
Параллельные места
Суна гуттар а го Веза Эла сайна хьалха. Иза суна аьтту агІор ву, со воха ца вохийта. Хьажал, Хьалдолу Эла ницкъаца вогІуш ву, Цуьнан куьг ду урхалла деш. Цуьнан совгІат а Цуьнца ду, Цуьнан ял а Цунна хьалха йогІуш ю. «ТІекхочуш ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Аса Даудан тІаьхьенах Сайн лаамехь волу цхьа зІийдаг кхиор йолу. Цо хьекъалца паччахьалла дийр ду, хІокху лаьтта тІехь нийсо а, бакъдерг а лелор ду. Ас царна тІе цхьа Іу хІоттор ву, Сайн ялхо волу Дауд. Цо уьш дажор ду, иза церан Іу хир ву. Кхузткъе уьттазза ворхІ-ворхІ хан-зама билгалъяьккхина хьан халкъана а, хьан езачу гІалина а зуламаш чекхдаха а, харцонийн чаккхенна тІе мухІар тоха а, къинош дІадаха а, даим нийсо латтийта а, хІуьтту суьрташ а, пайхамарша дийцинарш а чІагІдайта а, уггар Дезаниг къобалдайта а. Якъубан тІаьхьенна Хьо тешаме хир ву, ИбрахІиман тІаьхьенна Ахь къинхетам дІагойтур бу. Иза тхан дайшна юьхьанца дуьйна Ахьа ваІда деш лур ду аьлларг ду. Цу хенахь дуьйна Іийсас Шен мурдашка дуьйцуш хилла Ша Ярушалайме ваха везарх а, цигахь Шен баккхийчеран а, динан коьртачу дайн а, Іеламчу нехан а карах бала хьега безарх а лаьцна. Цо иштта дуьйцура Ша вийна хила везарх а, амма кхозлагІчу дийнахь веллачуьра денвала везарх а лаьцна. Цо элира: «Адамийн КІантах иштта хила дезар ду: Цуьнан дукха баланаш лан дезар, баккхийчара а, динан коьртачу дайша а, Іеламчу наха Иза тІе ца лаьцна хила а дезар ду, Иза вийна хила а везар ву, амма кхозлагІчу дийнахь Дала Иза веллачуьра денван а везар ву». Амма и де тІекхачале, дуккха а баланаш лан дезар ду Цуьнан. ХІокху адамийн тІаьхьено эккхор а ву Иза.
Выбор основного перевода