Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Луки
Параллельные места
Къамел а деш, и шиъ новкъахула вогІучу хенахь, цІеххьана схьаеанчу цІеран гІудалкхо а, цІеран говраша а дІасакъастийра уьш. ТІаккха йилбазмохана юкъахь Эли-ЯхІу стигала хьалавахара. Адамех цхьа а стигалшка хьала а ца ваьлла, Адамийн КІант бен стигалшкара охьа а ца воьссина. Нагахь Адамийн КІант Ша хьалха хиллачу юхавоьрзуш шайна гича, хІун хетар ду те шуна? ТІаккха Іийсас элира Мареме: «Сацалахь, Сох кхин хьакха ма лолахь, хІунда аьлча Со хІинца а Сайн Да волчу хьала ца ваьлла. Сан вежаршна тІе а гІой, ахьа цаьрга ала: „Сайн Дена а, шун Дена а тІе а, Сайн Далла а, шун Далла а тІе хьалаволу Со“». Иза а аьлла, церан бІаьргашна хьалха стигала хьалаваьхьна волу Іийса мархи юкъахь кхарна гучуьра къайлавелира. Толам а баьккхина, Сайн Ден Іаршана уллохь долчу паччахьан гІанта тІе Со охьахааре терра, толам баьккхинчунна бакъо лур ю Ас Сайн Іаршана уллохь долчу паччахьан гІанта тІе охьахаа.
Выбор основного перевода