Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Луки
Параллельные места
ХІинца дуьйна, хьуна а, зудчунна а юкъахь а, хьан тІаьхьенна а, цуьнан тІаьхьенна а юкъахь а мостагІалла хир ду. Зудчун тІаьхьено хьан коьртах чов йийр ю, ткъа ахьа цуьнан когах чов йийр ю». Мусас, цІестан лаьхьа а бина, иза хьокхана тІе туьйхира. Лаьхьано це тоьхна стаг, цІестан лаьхьане хьаьжча, дийна вуьсура. Шуна юкъара, шун вежарех, со санна, шун Везачу Дала Пайхамар воуьйтур ву шуна. Цуьнга ладогІа. Ас церан вежаршна юкъара хьо санна волу Пайхамар лур ву царна. Бийца мотт лур бу Ас Цунна, тІаккха Ас Шена тІедиллинарг нахе дІаэр ду Цо. Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Сатасаран сай» олучу мукъамехь ала езаш ю хІара Даудан назма. Хьалдолчу Эло Ша лур ю шуна билгало: „ЙоІа, берах а хилла, кІант вийр ву, цуьнан цІе Іимануал туьллур ю. ХІунда аьлча вайна бер дина – кІант велла вайна. Олалла хир ду Цуьнан белшаш тІехь. Цунна цІе туьллур ю: Тамашийна Хьехамча, Нуьцкъала Дела, Гуттар а волу Да, Машаран Эла. «Хьовсал, Ас Сайн геланча вохуьйтур ву, цо Суна хьалхара некъ кечбийр бу. ТІаккха аша лоьхуш волу Олахо цІеххьана Шен дезачу цІа чу вогІур ву. Шу хьоьгуш волу бертан геланча – хьовсал, иза вогІур ву», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. «ХІара дара Ас шуна дийцинарг Со шуьца волчу хенахь, дерриг а Сох лаьцна Мусан товратана тІехь а, кхечу пайхамарийн тептарш тІехь а, Забурана тІехь а яздинарг кхочуш ца хилча ца долу», – элира Цо.
Выбор основного перевода