Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Луки
Параллельные места
Ткъа Аса Дега доьхур ду, тІаккха Цо кхин „гІо Дийриг“ лур ву шуна, Иза абаде кхаччалц шуьца хилийта. Ас воуьйтур ву шуна Сайн Дегара гІо Дийриг – Дегара схьадолу бакъдерг гойту Са доуьйтур ду шуна. Цо, деача, тоьшалла дийр ду Сох. Ткъа Аса бакъдерг боху шуьга: „Со дІавахар гІоле ю шуна“. Нагахь Со дІа ца вахча, шуна гІо Дийриг вогІур вац, ткъа Со дІавахча, воуьйтур ву Ас Иза шуна. Цкъа, векалш шуьне гул а бина, Цо омра дира цаьрга: «Ярушалайм-гІалара дІа а ма довла, Аса шуна дийцинчу, Дадас шуна лур ду аьллачу дикане сатуьйсуш а хила. Амма шуна тІе Делан Са а доьссина, шуьга ницкъ беача, Сан тешаш хир ду шу Ярушалаймехь а, берриг ЯхІуд-махкахь а, Шамранан махкахь а, дуьненан йисте кхаччалц а». Жуьгтийн «ШавуІот» цІе йолчу ялта чудерзоран дезачу дийнахь массо а векал цхьаьнакхийтира. Делан Синах а буьзна, Цо шайна деллачу похІмица тайп-тайпана меттанаш дийца буьйлабелира векалш.
Выбор основного перевода