Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Луки
Параллельные места
ТІаьххьара а оцу цхьайтта векална а, цара хІума юучу хенахь, дуьхьалхІоьттира Іийса. Цо тІехтуьйхира царна церан тешар ца хилар а, дегнаш шагделла хилар а, уьш Ша веллачуьра денвелла гинчарех а ца тешарна. Оцу кІирандийнахь, суьйранна, шаьш динан куьйгалхойх кхерарна, неІ дІакъевлина уьш Іаш болуш, чу а ваьлла, юкъаметте дІа а хІоьттина, Іийсас мурдашка элира: «Машар хуьлда шуьца!» Ткъа оцу шийттаннах цхьаъ, шех Шалавинарг олуш волу ТІама, Іийса веанчу хенахь мурдашца вацара. Уьш гуттар а цхьаьна гуллора доІанаш дан. Масех зуда а яра цаьрца, иштта Іийсан нана Марем а, Іийсан вежарий а бара.
Выбор основного перевода