Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Луки
Параллельные места
Делан Йозанаш толлу аш, уьш шаьш теллича, Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхочур ду моьттуш. Ткъа Делан Йозанаша Сох тоьшалла ма-до. Ткъа и бакъдерг гойтуш долу Са схьадеача, Цо билггал бакъболчу новкъа дохур ду шу, хІунда аьлча Цо Шегара бохур дац, амма Шена хезнарг дуьйцур ду, тІейогІучу хенахь хиндерг хоуьйтур ду Цо шуна. Цо дуьйцура цигахь гулбеллачу нахана Дала леррина Къобалвинчун баланаш лан дезарх а, веллачуьра Иза денваларх а лаьцна. Ас шуьга вуьйцуш волу и Іийса Дала леррина Къобалвинарг ву бохура ПахІала.
Выбор основного перевода