Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Луки
Параллельные места
Хастамаш бе Везачу Элана, Иза дика хиларна а, Цуьнан хедар боцу безам абаденналц хиларна а. Цу хенахь дуьйна Іийсас Шен мурдашка дуьйцуш хилла Ша Ярушалайме ваха везарх а, цигахь Шен баккхийчеран а, динан коьртачу дайн а, Іеламчу нехан а карах бала хьега безарх а лаьцна. Цо иштта дуьйцура Ша вийна хила везарх а, амма кхозлагІчу дийнахь веллачуьра денвала везарх а лаьцна. ТІаккха Цо хаьттира цаьрга: «ХІинца а ца кхета те шу?» – аьлла. Цо элира: «Адамийн КІантах иштта хила дезар ду: Цуьнан дукха баланаш лан дезар, баккхийчара а, динан коьртачу дайша а, Іеламчу наха Иза тІе ца лаьцна хила а дезар ду, Иза вийна хила а везар ву, амма кхозлагІчу дийнахь Дала Иза веллачуьра денван а везар ву». Амма мурдаш ца кхийтира Цо аьллачух. Ткъа оцу дешнийн маьІна Дала царах лачкъийна дара. Іийсага, и хІун ду аьлла, хатта уьш ца баьхьира. Шен шийтта векал юьстах а кхайкхина, Іийсас элира цаьрга: «Вай хІинца Ярушалайм лаьттачу хьаладовлуш ду, цигахь дерриг кхочуш хир ду Адамийн КІантах пайхамарша дІаяздинарг. Муса-пайхамарна тІера дІаволавелла, массо а пайхамарша Шех лаьцна Делан Йозанаш тІехь аьлларг царна дийцира Іийсас.
Выбор основного перевода