Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Цунна гІело а йора, ницкъ а бора, амма Шен бага хьала ца гІаттийра Цо. Урс хьакха дІабуьгуш болчу Іахаро санна, ша лоргучунна хьалха шен Іаь ца йолуьйтучу уьстагІо санна, Шен бага хьала ца гІаттийра Цо. ТІаккха динан коьртачу дас, хьала а гІаьттина, Цуьнга хаьттира: «Ахь цхьа а жоп ма ца ло? Цара Хьуна дуьхьал тоьшаллаш хІунда до?» Амма Іийса вист ца хилира. Динан коьртачу дас Цуьнга элира: «Дийна волчу Делан цІарах тІедуьллу Хьуна: алал тхоьга, Хьо вуй Делан КІант волу Дала леррина Къобалвинарг?» Ткъа динан коьртачу дайший, къаноший Шена бехк биллича, Цо цаьрга хІумма а ца элира. Амма Іийсас цхьана а тайпана Шега деш долчу хаттаршна жоп ца делира. И сурт шена гича, мехкан куьйгалхо чІогІа цецваьллера. Ткъа Іийса дуьхьал вист а ца хилира, Цо цхьа а жоп ца делира царна. Юха а динан коьртачу дас хаьттира Цуьнга: «Хьо вуй Декъалволчун КІант? Цо леррина Къобалвинарг?» Цо Іийсага дуккха а хеттарш дира, амма Вукхо цхьа а жоп ца делира.
Выбор основного перевода