Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ТІаккха Іийса мехкан куьйгалхочун тІемалоша кхел кхайкхо гІишло чу вигира. Цунна гонах тІемалойн тоба гулъелира. Іийсана тІера бедарш дІа а яьхна, цара Цунна тІе цІен оба кхоьллира. Коканийн коьллех кочар а дина, цара иза Іийсан коьрта тІе диллира, аьтту куьйга Іаса лацийтира. Беламца, Цунна хьалха гора а хІиттина, цара бохура: «Декъала хуьлда жуьгтийн къоман Паччахь!» Цара Цунна тІе туйнаш детта долийра, тІаккха Цуьнан карара Іаса, схьа а яьккхина, Цуьнан коьртах етта йолийра. ТІемалоша, Іийса керта а ваьккхина, йоккха, кхел кхайкхочу гІишло чу а вигна, тІемалойн ерриге а тоба гулйира. ТІаккха Цунна тІе цІен оба а кхоьллина, коканийн коьллех кочар а дина, иза Іийсан коьрта тІе диллира. Цул тІаьхьа, Іийса беларца «декъалвеш», цара бохура: «Декъала хуьлда жуьгтийн къоман Паччахь!» ТІаккха Цуьнан коьртах Іаса а етташ, Цунна тІе туйнаш деттара цара. Цул тІаьхьа, гора а хІиттина, корта беттаран сурт хІоттадора Цунна хьалха. ХІарода а, цуьнан тІемалоша а, бела а бийлина, доггах Іийса сийсаз а вина, Цунна тІе дезачу, лепачу кІадин оба а кхоьллина, Иза Пулат волчу дІахьажийра.
Выбор основного перевода