Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Ткъа Іийсас элира: «Нана, Суна тІе хІунда дуьллу ахьа и гІуллакх? Сан хан хІинца а тІееана яц». Мурдех Іийсана къаьсттина везаш волу цхьаъ Цуьнан некха тІе тевжина Іаш вара. ТІаккха Марем, едда, Кипина а, Іийсана къаьсттина везаш хилла волчу кхечу мурдана а тІееара. Цо элира цаьрга: «Веза Эла къуббанна чуьра дІаваьхьна, ткъа Иза мича охьавиллина ца хаьа». ТІаккха цара Мареме элира: «Зуда! Хьо хІунда йоьлху?» Марема жоп делира: «Сан Веза Эла дІа а ваьхьна, Иза мичахь охьавиллина сайна ца хаьа дела, йоьлху со». ТІаккха Іийсана къаьсттина дукха везна волчу мурдо Кипе элира: «ХІара Веза Эла ву». Ткъа ШамІа-Кипа, иза Веза Эла ву аьлла шена хезча, шен коч юкъах а йихкина, ша гІодаюккъалц верзина волу дела, сихха хи чу иккхира. Кипа юхахьаьжча, цунна гира шена тІаьхьавогІу, Іийсана къаьсттина везна волу мурд. (Езачу суьйренан пхьор дуучу хенахь, Іийсан некха тІе а таьІна Іийна волу а, Цуьнга: «Веза Эла, мила ву Хьуна ямартло ен верг?» – аьлла волу а мурд вара иза.)
Выбор основного перевода