Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Сан дегІа тІе и мехала даьтта а доьттина, иза Со дІаволла хьалххе кечам беш ю. Ткъа Кипа, хьалагІаьттина, ведда къубба йолчу вахара. Чухьаьжначу цунна ша-ша яьхна Іохкуш кІадинан кескаш карийра. Иза юхавеара, хиллачух чІогІа цец а вуьйлуш. ТІаккха и велла хилларг, куьйгех а, когех а йихкина кисин асанаш а йолуш, дІахьарчийна корта а болуш, къуббанна чуьра аравелира. Іийсас элира цаьрга: «ДІа а вастий, дІавахийта иза». ТІаккха охьатаьІначу мурдана Іохкуш кІадинан кескаш гира, амма иза цу чу ца велира. Іийсан коьртах хьарчийна хилла долу йовлакх, цу кескашца а доцуш, хьарчийна ма-хиллара, къаьсттина, кхечу меттехь Іуьллуш дара.
Выбор основного перевода