Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Шаьш цІа чу а дахана, шайна и Бер а, Цуьнан нана Марем а гича, цара, гора а хІиттина, кортош охьа а таІийна, Цунна Іибадат дира. ТІаккха Цунна совгІаташ а делира: деши а, хаза хьожа йогІу еза хІума а, деза хьакхар а. Нукха-Деми цІе йолу парушхойх цхьа стаг вара. Жуьгтийн коьртачу кхеташонан декъашхо вара иза. Нукха-Демис, буьйсанна Іийса волчу а веана, элира Цуьнга: «Рабби! Хьо Дала ваийтина устаз вуй хаьа тхуна. ХІунда аьлча шеца Дела ца хилча, цхьаьнгге а гайталур яц и Ахь гойтуш йолу тамашийначу гІуллакхийн билгалонаш». ТІаккха парушхойх волчу цхьаммо, хьалха Іийсана тІевогІуш хиллачу Нукха-Демис, элира:
Выбор основного перевода