Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ТІаккха Пулата динан коьртачу дайшка а, халкъе а дІахаийтира: «И стаг бехке ван цхьа а бахьана дац сан». Цунна дуьхьал Пулата хаьттира: «Билггал бакъдерг хІун ду?» Иза а аьлла, Пулат юха динан куьйгалхошна тІевахара. Цо элира: «Цуьнан бехк болуш цхьа а хІума ца го суна. Іийса шайна гича, динан коьртачу дайша а, гІаролхоша а маьхьарий хьаькхира: «ЖІарах дІатоха Иза! ЖІарах дІатоха Иза!» – бохуш. ТІаккха Пулата элира цаьрга: «Схьа а эций, шаьш дІатоха Иза, хІунда аьлча суна Цуьнгара баьлла цхьа а бехк ца го».
Выбор основного перевода