Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Цхьаммо а дІадоккхур дац Соьгара Сан са, амма Аса-Айса дІалур ду иза. Сан йиш ю Сайн са дІадала а, иза юха схьаэца а. И весет Ас Сайн Дегара схьаэцна». Иштта Кайба волчуьра римхойн урхалхочун гІишлона чу вигира Іийса. Цу хенахь Іуьйре яра. Динан куьйгалхой шаьш гІишлона чу ца бевлира, Далла хьалха сийсаз ца бовла, шайн Пасахьан суьйренан пхьор даархьама. ГІишло чуьра араваьллачу Пулата динан куьйгалхошка хаьттира: «Кху стагана дуьхьал баккха хІун бехк балабо аша?» Цара, жоп луш, элира: «Цо зулам ца динехьара, хьан кара дІавелла хир вацара оха Иза». ТІаккха Пулата элира цаьрга: «Аша, Иза дІа а эций, шайн Іедало ма-бохху, кхел е Цунна». Динан куьйгалхоша элира: «Тхуна цхьанна а веран кхел яр кхочушдан ца магадо». Иза хилира Іийсас Шен валар муха хир ду дІахоуьйтуш аьлла долу дешнаш кхочушхилийтархьама. Іийса Делан лаамца а, Цунна хьалххе гуш ма-хиллара а, шун кара дІавелира, ткъа аша дин доцучу нахе, жІарах дІа а тохийтина, вейтира Иза. ХІора адам пачхьалкхана урхалла дечарна муьтІахь хила деза. Урхалла дан бакъо, Дала елча бен, ма ца хуьлу, ткъа болуш болу урхалчаш Дала дІахІиттийна бу.
Выбор основного перевода