Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Цамгарша сан чкъор дІакхаьллинехь а, сайн дилхана юкъара суна Дела гур ву. Суна сайна гур ву Иза. Сан бІаьргашна гур ву, тІаккха Иза суна хийра хир вац. Со хьаьгна ву иза хилийта! Ахьа Сайна тІедиллина гІуллакх кхочуш а дина, кху лаьттахь Хьан сийлалла гайти Ас. Товрат-хьехамаш буьззина кхочуш а бина, Дала леррина Къобалвинарг цу хьехамийн чаккхе хилира, Цунах тешарехула Далла хьалха бакъвар хІоранна а хилийтархьама. Мах а белла, Дала леррина Къобалвинчо кІелхьардаьхна вай и товрат-хьехамаш кхочуш ца барна хуьлучу неІалтах, и неІалт Шена тІе а лаьцна. ХІунда аьлча Делан Йозанаш тІехь яздина ду: «Диттах ирхъоьллинчу хІоранна а тІехь неІалт ду», – аьлла. Цундела дуьнен чу вогІучу хенахь Дала леррина Къобалвинчо элира: «СагІанаш а, совгІаташ а ца дийзи Хьуна, амма Суна дегІ кечди Ахьа. Дийнаташ дагоран а, къинойх долу а сагІанаш ца тайна Хьуна. ТІаккха Ас элира: „Хьажахьа, со кийча ву, товрат-хьехамийн тептар тІехь суна лерина яздина ду. Хьан лаам кхочушбан вогІу Со, Дела“». Цкъа хьалха Цо боху: «Я сагІанаш а, совгІаташ а, я дийнаташ дагоран а, къинойх долу а сагІанаш а Хьуна деза а ца дийзи, тан а ца тай» (товрат-хьехамаша иза тІедуьллуш делахь а). Цул тІаьхьа Цо тІетуху: «Хьан лаам кхочушбан вогІу Со». Хьалхарниг дІадоккху Цо шолгІаниг чІагІдархьама. Оцу лаамца даздина ду вай, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дегІ цкъа гуттаренна а сагІина даларна.
Выбор основного перевода