Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
И дерриге а пІераскан дийнахь дара, Пасахьан деза де хила дезачу кІирнах. Делкъахан а яра цу хенахь. ТІаккха: «ХІан, ХІара ву шуна шун Паччахь!» – элира Пулата нахе. И яздина дерг дукхах болчу наха дийшира, хІунда аьлча Іийса жІарах дІатоьхна йолу и меттиг гІалина генахь йоццуш яра. И яздинарг кхаа маттахь дара: жуьгтийн, римхойн, грекийн меттанашкахь. И дерриг пІераскан дийнахь хиларна, догІмаш жІарана тІехь дита ца лаьара динан куьйгалхошна, хІунда аьлча тІедогІуш Далла лерина шоьтан де дара. Ткъа цу шоьтан дийнахь доккха деза де долу дела, цара Пулате дийхира, жІарах дІатоьхна болчеран настарш каг а йина, жІараш тІера церан догІмаш дІадахийтахьара аьлла. Іийса жІарах дІатоьхначу меттигна юххехь беш яра. Цу бешахь яьккхина, шена чу хІинца а цхьа а виллаза къубба яра.
Выбор основного перевода