Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Исраилан халкъ токхе таьлланг санна дара, рогІ-рогІехь стом луш долу. Шен стоьмаш а, ялта а алсамдаларе терра, цІушна сагІа доккху меттигаш а алссам кечйора цо. Шен лаьтто кхиийнарг совдаларе терра, кхечу деланашна хІиттийна тІулгаш а алссам хаздора цо. Ас кхобучу хенахь, уьш буьзна бара. Ткъа шаьш буьзча, церан дегнаш курадовлура. Цундела цара Со вицвора. Сийлаллин метта, хьо сийсазаллех вуьзна. Мала а малий, хьайн сий дайна хилар гучудаккха. Везачу Элан аьтту куьйгахь болу кад хьуна тІекхочур бу, хьан сийнна тІе юьхьІаьржо йогІур ю. Иштта Ас шу дерриг а халкъана хьалха дегаза а, юьхьІаьржа дина дІахІиттор ду, аша Сан некъаш лар ца до дела а, товрат-хьехаман гІуллакхаш тІехь аша озабезамаш лелабо дела а».
Выбор основного перевода