Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Кхел ян гІаьттина Веза Эла, Иза лаьтташ ву халкъашна кхел ярхьама. Цундела ахьа ала деза: „ХІара къам – шен Везачу Делан озе ла ца дугІуш долу къам ду, иштта цо ша нис ца дойту. Тешаме хилар къомана юкъахь кхин ца хуьлу – цунах лаьцна цхьа а вист а ца хуьлу“». «ЛадогІа дуьйцучуьнга, динан дай! Тидам бе, Исраилан халкъан цІийнах берш! ДІахаза, паччахьан цІа! Шун карахь ду нийсонца кхел яр – иштта хІара кхел шуна дуьхьал йийр ю, МицІпа-гІалахь шух кІело йина дела, Табур-ломахь дІасаяржийна бой санна шу хилла дела. Цара мел лелийначу вочу гІуллакхаша шайн Далла тІе ца боьрзуьйту уьш. Цатешаме хиларан са церан дегнаш чохь хилла, цундела Веза Эла царна ца вевзина. Шу тешаме хилар деза ду Суна, аша Сан дуьхьа дохучу сагІанел. Шуна Дела вовзийла лаьа Суна, Сан дуьхьа дийнаташ дагоран сагІанел. ЛадогІа, лаьмнаш, Везачу Элан гІуллакхе! Лаьттан онда бух, ахьа а ладогІа! ХІунда аьлча Везачу Элан цхьа къовсам бу Шен халкъаца. Цо Исраилан халкъе бехк боккху.
Выбор основного перевода