Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Ткъа цигахь шун Везачу Далла гІуллакх деш волчу динан дас а, кхелахочо а бохург ца деш кІоршаме леларг вен веза. Иштта дІадаккха исраилхошна юкъара зулам. Хиндерг гуш болчаьрга цара боху: „Суьрташ кхин ма хІиттийта шайна хьалха!“, ткъа пайхамаршка боху: „Делера долу бакъдерг ма дийца, тхуна тамехь дерг дийца, самукъане хаамаш бе. Дагахьбаллам бу суна, сан нана, ахьа со дуьнен чу ваккхарна: со ву массо а мохк бехке бан безаш верг. Аса цкъа а нахера декхар а ца даьккхина, я юхалург а ца делла, амма массара а сардамаш кхайкхош верг со ву. Ас хьан мотт хьан къамкъаргах дІалатор бу, хьо вист ца хилавалийтархьама а, хьоьга и нах дІа ца хьебайтархьама а, хІунда аьлча иза аьрха халкъ ду. Шуна ца веза кхел ечохь харцо гучуйоккхуш верг, бакъдерг дуьйцучух а шу ца деша.
Выбор основного перевода