Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Дисина напха дІадоккхур ду Ас шуьгара. Итт зуда хир ю шун бепиг цхьана пешахь доттуш. Оза а узуш, лур ду шуна иза. Аша и бепиг дуур ду, амма шу меца дуьсур ду. Уьш цкъа а доггах ца кхойкху Соьга, амма шайн меттанашкахь боьлхуш бу. Шайн догІмашкахь шаьш хеда а деш, Соьга доьху цара шайна кІа а, чагІар а далар. Ткъа и дарца Сох дІабирзина уьш. Сан Дала дІатоттур ду и халкъ, цо Шега ла ца доьгІна дела. Къаьмнашна юкъахь кхерсташ, доладелла лелар ду иза. Ахьа яа хІума юур ю, амма хьо юзур яц. Хьан кийра бассабелла хир бу. Хьайн долуш дерг лардийр ду ахь, амма хІумма а ларлур дац хьоьга, ткъа лардинарг а Ас туьра кІел дохуьйтур ду. Аша дуккха а дІадоь, амма кІеззиг схьагулдо. Аша юург йоу, амма шу дуза а ца дузу. Аша мала а молу, амма шу хьогах дуьсу. Аша тІе бедарш юху, амма шу дох ца ло. Аша доккху алапа Іуьрг долчу кисана доьду“.
Выбор основного перевода