Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Везачу Эло ЮшаІе элира: «Мисарахь шу лоллехь хиларан эхь тахана шуна тІера дІадаьккхи Ас». Цундела ю цу меттиган цІе Галгал, хІинца а олу цунах иза. ЯрбаІама, ойла а йина, деших ши эса а доттийтина, халкъе элира: «ТІех дукха ихира шу Ярушалайме. Ва Исраилан халкъ, хьо Мисар-махкара арадаьккхина хьан деланаш хІорш бу». Цхьа дашо эса Бетал-гІалахь, важа – Дан-гІалахь дІахІоттийра цо. Везачу Эло боху: «Цара мел деш долу зулам Галгал-гІалахь долийнера. Суна циггахь ца дезаделира и халкъ. Цуьнан зуламе гІуллакхаш бахьана долуш, Аса и халкъ Со волчуьра эккхор ду. Суна иза кхин дезар дац. Цуьнан куьйгалхой берриш а аьрха бу. Шамран-гІалин бахархой Іадор бу, Байт-Аванехь волу эса-цІу бахьана долуш. Цуьнан халкъ цунна тийжар ду, цунах баккхийбина болу харцдинан дай, цуьнан сийлалла бахьана долуш, боьлхур бу, и сийлалла халкъера дІаер йолу дела. ГалІад-гІалахь нах цІушна Іамал еш буй? Цуьнан бахархой баккъалла а цхьана а хІуманна тІе кхочур бац. Галгал-гІалахь наха эсий дойу. Церан сагІа доккху меттигаш кхен хершнашкахь гулдинчу тІулгийн баьрзнаш санна хир ю. «Дуьйло, къинош летаде, Бетал-гІаларчу езачу метте дІа а гІой. Шайн зуламаш алсамдаха Галгалехь а. Шайн дийнаташ дагоран сагІанаш даха хІора Іуьйранна, ткъа кхо де мосазза долу, шайн ялтех уьтталгІа дакъа дІало. Бетал-гІалахь Со ма лехалаш, Галгал-гІала ма гІолаш, Беар-ШабаІе ма кхачалаш, хІунда аьлча Галгал-гІала йийсаре гІур ю, ткъа Бетал-гІала хІумма а йоцург хилла дІахІуттур ю».
Выбор основного перевода