Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
«Адаман кІант! ХІара нах шайн дегнаш чохь цІушна тІебирзина а бу, цара шаьш галбовлуьйтуш долу харцдолчун новкъарло шайн бІаьргашна хьалха дІа а хІоттийна. Сайгара жоп лехийта деза те Ас? Нагахь санна муьлхха а исраилхо я муьлхха а Исраил-махкахь вехаш волу кхечу къомах волу стаг, Соьгара жоп оьшуш, пайхамар волчу гІахь, ткъа и стаг, Соьгара дІа а вирзина, шен даг чохь цІушна тІевирзина а хилахь, цо ша галволуьйтуш йолу харцдолчун новкъарло шен бІаьргашна хьалха дІа а хІоттаяхь, Веза Эла волчу Аса цунна Сайгара жоп лур ду. «Кхел яйта шайн нанна, жоьпе озаяйта иза! Иза Сан зуда ма яц, ткъа Со кхин цуьнан майра ма вац. Шен сийсазлелар дита ала, шен тешаме ца хилар сацаде ала. ХІунда аьлча церан нана тешаме яцара, уьш дуьнен чу даьхнарг сийсаза лелара. Цо ша а олура: „Сайн безаргашна тІаьххье дІагІур ю со, цара суна бепиг а, хи а, тІаргІа а, вета а, даьтта а, маларш а луш долу дела“. Исраилан халкъан куралло цунна дуьхьал тоьшалла до. Исраилан халкъ (цунах иштта Эпрайман халкъ а олу) галдер ду, цо харцонаш лелорна. ЯхІудан халкъ а дужур ду цаьрца цхьаьна.
Выбор основного перевода