Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Исраилхойн йоІарех цхьа а цІуйн дуьхьа нахаца лелаш хила ца еза. Исраилхойн кІенташна юкъахь а хила ца веза цхьа а цІуйн дуьхьа нахаца леларг. Сан халкъ дІасацийна, Со къобал ца варна. Со къобалвар ахь дІатесна дела, ахь Суна, динан дас санна, гІуллакх дар Аса а дІатосур ду. Дала белла товрат-хьехам ахь бицбина дела, Аса а дицдийр ду хьан бераш». Суна тешаме ца хилархьама, кхиболчу деланашца а лелаш. Нахаца леларо а, чагІаро а – иза шира я керла даьккхина делахь а – сан халкъан кхетам дІа ма оьцу!» ЧагІар мелла бевлча, нахаца леларна тІе боьрзу уьш. Шайн элаша лело сийсазалла царна чІогІа ма деза. Везачу Эло боху: «Суна Исраилан халкъ схьакарийча, яьссачу аренгахь кемсаш каро хан санна хилла иза. Суна шун дай гича, инжиран дитта тІехь хьалххе хуьлу дуьххьарлера инжир санна хилла иза. Амма уьш БаІал-ПаІорна тІебахча, сийсаза долчунна юкъаозабелира. Иза а дина, шайна везавелла цІу санна, маьттаза бевлира уьш.
Выбор основного перевода