Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Аша дІалохкуш долчу халкъаша шайн деланашна Іамал еш йолу ерриге а меттигаш – лекхачу лаьмнаш тІера, баьрзнаш тІера, муьлххачу а дІасадаьржина гаьннаш долчу диттана кІелара – йохаяй дІаяха. Шу юьхьІаьржа хир ду ножан боьлакаш бахьана долуш, аша цигахь цІушна Іибадат дина дела. Шуна эхь хетар ду шайн бошмаш бахьана долуш, дог царах лезна дела. Юши-ЯхІу паччахь волчу хенахь Веза Эла соьга вистхилира. Цо соьга элира: «Ярми-ЯхІу, хьуна гирий „Тешнабехк“ олуш долчу Исраилан халкъо лелийнарг? Цуьнан тешаме цахилар хьуна гирий? Иза суна хьарам хилла хІора лекхачу гуна тІехь а, хІора луьста гаьннаш долчу дитта кІелахь а. ТІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла, хІаллакбина болу уьш шайн цІушна юкъахь а, шайн сагІа доккхучу меттигашна гонах а, иштта дерриг а гунашна тІехь а, лаьмнийн баххьашна тІехь а, хІора тІехь гІа долчу дитта кІел а, иштта шен гаьннаш дІаса дахийтинчу ножан диттана кІел а – шаьш хаза хьожа йогІу хІуманаш цІушна лерина ягийначу массо а меттехь – шаьш Іохкучу хенахь. Аса таІзар дийр ду цунна, БаІал-цІушна хаза хьожа йогІу хІума ягорна а, шен чІагарш а, туьтеш а шена тІе а оьхкина, шен безаргашна иза тІаьхьалеларна а. Ткъа Со вицвинера цо», – боху Везачу Эло. Со цаьрга мел кхойкху, уьш Суна генабовлура. Цара БаІал-деланашна сагІанаш а дохура, цІушна хаза хьожа йогІу хІума а ягайора. Ахьа иштта аларна, Везачу Эло хІара боху: „Хьан зуда гІалахь, кхахьпа а дина, лелор ю. Хьан кІентий а, йоІарий а туьро хІаллакбийр бу. Хьан латта, асанаш йохучу муьшца декъа а декъна, кхечарна дІалур ду. Хьо хийрачу махкахь лийр ву, ткъа Исраилан халкъ, шен махкара ара а даьккхина, йийсаре дуьгур ду“». Дела вовзар царна мехала хІума ца хетта дела, Цо уьш тиладеллачу хьекъалан долахь битина. Иштта лело цадезарг леладо цара.
Выбор основного перевода