Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Латта латкъам беш а, лекъаш а ду. Дерриге а дуьне гІеллуш а, маргІалдулуш а ду. Лаьттан халкъан лекханаш а гІеллуш бу. Со гонах дІасахьаьжча, цигахь цхьа а адам дацара, стигалара олхазарш а дІадаханера. Цундела латта гІайгІа еш хир ду, стигал бодане хилла дІахІуттур ю, хІунда аьлча иза Аса аьлла а ду, Аса чІагІдина а ду. Цу хІуманна Со дохко а ца ваьлла, Айса аьллачунна тІера а вер вац». Дассийна кхаш, доьлху латта, ялта хІаллакдина, кемсийн мутт дІалекъна, зайт-дитт а маргІалдоьлла. Ма узарш до даьхнино! Хьайбанаш а ду охкаделла лелаш! Яц царна дежийлаш. УьстагІийн жаш а ду гІайгІане. Ас дойур ду адамаш а, хьайбанаш а, иштта стигалара олхазарш а, хІорда чуьра чІерий а дойур ду, Іесачу нахаца цхьаьна адамаш галболуьйту цІуш а дІабохур бу. Ас лаьтта тІера адамаш хІаллакдина дІадохур ду, – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода