Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
ткъа цІуш гуттаренна а дІабевр бу. Тархашкахь долчу хьехаш чу а, лаьттарчу оьрнаш чу а дІалечкъар бу нах, Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а кхерабелла, Иза латта дего веача. Цу гІуллакхо халкъе къинош летадойтура. Ур-атталла Дан-гІала а оьхура нах оцу шаьш динчу эсашна Іибадат дан. Бохам болчуьра исраилхой дІагІахь а, уьш Мисар-махко схьагулбийр бу. Нуп-гІалин лаьттахь дІабухкур бу уьш. Ниттийн дола евр ю церан детин хІуманаш. Коканийн кІохцалш девр ду церан цІенош тІехь. Исраилхойн дог мекарлонех дуьзна ду, церан къиношна доггІург хІинца царна дийр ду. Везачу Эло церан сагІа доккху меттигаш а хІаллакйийр ю, церан цІушна дІахІиттийна тІулгаш а дохор ду. Шамран-гІалин бахархой Іадор бу, Байт-Аванехь волу эса-цІу бахьана долуш. Цуьнан халкъ цунна тийжар ду, цунах баккхийбина болу харцдинан дай, цуьнан сийлалла бахьана долуш, боьлхур бу, и сийлалла халкъера дІаер йолу дела. ТІаккха наха бохур ду лаьмнашка: „Тхуна тІе эгийша!“ гунашка: „Тхо дІахьулдейша!“ Цара лаьмнашка а, тархашка а бохура: «Тхуна тІе а эгий, дІахьулдейша тхо Іарша тІехь хиъна Волчунна гарх а, Іахаран таІзарх а.
Выбор основного перевода