Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
«Везачу Элан сий Исраил-махкара дІадаьлла», – аьлла, цо шен кІентан цІе Ихвади тиллира (иза «сий доцург» бохург ду). Делан тІорказ мостагІийн карадахана дела, шен мардай, майрий велла дела, тиллина цо и цІе кІантана. Цо элира: «Исраилан махко Везачу Элан сий дайина, Делан тІорказ мостагІийн карадахана дела». ЯрбаІама, ойла а йина, деших ши эса а доттийтина, халкъе элира: «ТІех дукха ихира шу Ярушалайме. Ва Исраилан халкъ, хьо Мисар-махкара арадаьккхина хьан деланаш хІорш бу». «Ва Исраилан халкъ! Хьо кхахьпа санна лелахь а, яхІудхоша ма летадахьара изза къа! Шу Галгал-гІала а ма гІо, Байт-Аван-гІала хьала а ма довла. Ма баха, дуйнаш а бууш: „Дийна волчу Везачу Элах чІагІо йо ас!“ Шамранан бахархой, шун эса-цІу витина Аса! Сан оьгІазло царна дуьхьал карзахъяьлла. Уьш мел латта бохку те, цІушна Іамалъярх цІанбелла боцуш? ТІемадаьлла олхазар санна, дІадовр ду эпраймхойн сийлалла: дуьнен чу бер а дер дац, зуда берах а хир яц, церан кийрахь бераш а кхуллур дац. Изза дийр ду шуна, ва Беталан бахархой, барам боцуш аша летийначу къиношна.
Выбор основного перевода