Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Зулам охучара а, вониг тосучара а бохамийн ялта схьаэцар гина суна. Везачу Эло ЯхІудан а, Исраилан а халкъашка боху: «Шайн латта аха, коканаш юккъехь хІу а ма де. Сардамаш дохкаррий, вовшийн ледаррий, вовшийн хІаллакдаррий, къоланаш даррий, марехь болчара ямартлонаш яррий тІехдукха даьржина адамашна юкъахь, адамийн цІий Іенор а дац хедаш. Цара шайн зуламечу гІуллакхашца паччахьан самукъадоккху, ткъа шайн мекарлонашца паччахьан гонах болчарна там бо. Шу Іеха ма лолаш! Дела-м Іехалур вац, хІунда аьлча адамо ша дІадийнарг хьокхур а ду. Шен хьарам лаам кхочушбеш, къилахь долу хІу тосучо хІаллакьхиларан ялта хьокхур ду. Ткъа Делан Синан лаам кхочушбеш хІу тосучо, Делан Сино луш долчу, хедар доцучу дахаран ялта хьокхур ду.
Выбор основного перевода