Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Амма пирІуно деш долу гІо эхье хир ду шуна, Мисаран ІиндагІехь дІалачкъар а сий дайаре доьрзур ду. Бакъду, цара Соьга ла ца дуьйгІира, Сан дешнаш цара тергал ца дора, уьш шайн лаам тІе бевллера, шайн аьрхачу а, вочу а дегнаша бохург бен ца деш. Цара Суна букъ берзийнера, шайн яххьаш кхечу агІор а ерзийна. «Динан дай дебаре терра, Суна дуьхьал долу церан къинош а алсамдуьйлуш ду. Церан сийлалла сийсазалле ерзор ю Аса. Эпраймана шен цамгар схьахиъначу хенахь а, ЯхІудана шена хилла чов дІагиначу хенахь а, Эпрайман халкъ Ашурехьа а дирзина, сийлахьчу паччахьна тІе дехаре дахийтира. Амма цуьнга шу цамгарх толур дац, шун чевнна дарба а далур дац. Уьш Мисар-махка юхабоьрзур-м бац те, Ашур-мохк церан паччахь хилла дІахІуттур-м бац те, Соьгахьа юхаберза царна ца лиъна дела? Церан гІаланашна тІе тур кхетар ду, кевнийн хьокхий а дохор ду оцу туьро, нах а дІакхоллур бу, цара дагалаьцнарг бахьана долуш.
Выбор основного перевода